Хаттар:
Ассаламу Iалайкум! Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – исс шо кхаьчна йоI ялийна хилла, йа муха ду иза?
Жоп:
БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!
Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
Ахь хоьттург, Бусалба динан мостагIаша дукха хьехош долу хIума ду, вайн Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) сий лахдан гIерташ цара дукха дуьйцу хIума ду, хIокху динна шайн ала кхин хIума ца дисича, цара хIара дин вайга схьакховдийна волчу элчанна ала гIертош долу хIума ду. И хIума – вайн Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Iаиша ялор ду (Дела реза хуьлда цунна). Бакъду хьуна-м Бусалба динан мостагIаша иза хьехош хезна ца хила а мега, делахь а хаар зен дац иза.
Муха ялийна Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Iаиша (Дела реза хуьлда цунна)?
Вайна массарна а ма хаъара, Iаиша Абу-Бакаран йоI ю, Дела реза хуьлда цаьршинна. Пайхамарна уггар дукха езаш хилла зуда а ю, цуьнан зударшна юкъахь марехь хилаза а йолуш цо ялийнарг а ю. Iаишатан ялх шо кхаьчначу хенахь, ХьавлахI бинт Хьаким цIе йолчу зудчо (Дела реза хуьлда цунна) Пайхамарна хьахийна хилла Iаиша (Дела реза хуьлда цунна). Иза шена хьахийначул тIаьхьа цо дуккха а ойла йина цу гIуллакхан, тIаккха тIаьххьара а, шен уггар хьомечу стагца долу шен гергарло захалонца чIагIдеш, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) мах а бина, шен цIар тIе яьккхина иза. Цул тIаьхьа, цуьнан исс шо кхаьчначул тIаьхьа, «иза йолчу чу вахана иза», цуьнца гергарло чIагIделла цуьнан, кхечу адамийн муьлххарчуьнан а йоллу юкъаметтиг кхоллаелла цуьнан цуьнца.
Iаиша (Дела реза хуьлда цунна) Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) уггар дукха езаш йолу зуда хилла, цул хьалха цо ши зуда ялийна а хилла: Хадижа а, СавдахI а.
Тахана цхьаболчу наха – динан мостагIий болчара а, боцучара а – цецбуьйлуш хоьтту – «муха ялийна исс шо кхаьчна йоI?» – бохуш. Къаьсттина, дин бехдан гIорта бахьана карийна цунах малхбузенан Iилманчаш бу бохучу нахана (оьрсийн маттара - востоковедаш). Ткъа церан хьекъалшца а, кхетамашца а вай хьевсича-м вай – нохчаша масала – дика а, нийса а хеташ лелош долу дукха хIума харц а, гIалат а, адамаллийца догIуш доцуш а хир дара. Цуьнан масала вай жима лахахь далор ду.
Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) оцу хенахь йолу Iаиша ялорехь вон а, оьздангаллийца догIуш доцуш а хIума ца хилар хоуьйтуш, цхьа масех «бакъдерг» довзийта деза:
1 – Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ваьхна йолчу заманахь, иза ваьхна волчу къома юкъахь, церан Iадаташкахь-кхетамашкахь вон хIума лоруш ца хилла жималлехь йолу йоI ялор. Йа Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) доьххьарниг а ца хилла цу хенахь йолчу йоIаца захало динарг.
Масала, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цуьнца захало хьахадале хьалха, иза шена ехна хилла Джубайр ибн Ал-МутIIим ибн Iадийс. Цо иза Пайхамарал а хьалха ехна хиларо гойту, Iаиша шен къоман Iадаташца, маре яха кийча хилла хилар, царна юкъахь иштта захало деш хилла хилар.
Масала, Iабдул-МуттIалиба – къанвелла волчу воккха стага – ялийна хилла дуккха а шел жима йолу ХIалахI, Аминатан девешин йоI. Цо иза ялийначу дийнахь, цуьнан кIентех уггар жимачо IабдуллахIа – Пайхамаран дас – ялийна хилла ХIалатан хенара бен йоцу жима АминахI, Пайхамаран нана.
Масала, Iумар ибн Ал-ХаттIаба (Дела реза хуьлда цунна) ялийна хилла Iелин (Дела реза хуьлда цунна) йоI, ша цуьнан деден хеннара воллушехь. Цул совнаха, Iумара шен йоI хьахийна хилла Абу-Бакарна, цаьршинна юкъахь йолу хан Пайхамарна а, Iаишатана а юкъахь ерг санна йоллушехь.
И масалш кIеззиг долу цхьадерш бен дац, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу заманахь, цу хенарчу Iаьрбоша – керстанаша а, бусалбанаша а – иштта захалонаш деш хилла хилар гойтуш, царна юкъахь иза лар тIехь хIума хилла хилар а гойтуш.
Ткъа таханлерачу цхьаболчу керста-нехан «бIаьргашца» хьаьжча и хIума лар тIехь дац, хIетахьлерачу Iаьрбойн «бIаьргашца» хьаьжча иза вон хIума дац. ТIаккха, вай а таханлерачу «европера малхбузенан Iилманчийн» кхетамашца ойла йан дуьйладелча, масала вайна юкъахь ялхийтта а, пхийтта а, дейтта а шо кхаьчча маре боьлхуш болу йоIарий «лар тIехь» бац, йа уьш балош берш а оьзда бац. Делахь а, шовзткъа шо кхаччалц масийтта стагца Iен а Iийна, тIаккха маре йахар церан лар тIехь ду, ткъа вай и санна ерг юьйш ю. Церан шай кхетам бу, вайн вешан кхетам бу.
Иза кхин а дика довзуьйту таханлера цхьайолчу пачхьалкхийн низамашкахь вовший реза а долуш эвхьаза юкъаметтиг хилийта магош йолчу хенаша. Масала, 12 шо кхаьчначу йоьIан бакъо ю борша стагца эвхьаза юкъаметтиг хилийта, Ватикан пачхьалкхехь а, Колумбехь а, Филиппинехь а, Мексикехь а. Масех шо хьалххалц иштта бакъо хилла ю Испани пачхьалкхехь, ткъа хIинца цигахь и хан 13 шо ю. 13 шо кхаьчна хилчахьана эвхьаза юкъаметтиг хилийта бакъо луш ю Аргентинехь а, Нигерехь а, Къилбаседа Корехь а, Японин цхьайолчу кIошташкаш лелачу Iедалехь а. 14 шо кхаьчча и бакъо луш ю ткъех сов пачхьалкхан низамаша. ТIаккха иштта охьадогIу и шераш тайп-тайпана пачхьалкхашкахь, пхийттанна тIера ткъанна тIе кхаччалц. Цигара схьа го вайна, шийтта шо а, кхойтта шо а кхаьчна йолчу йоIа и хIума лелор цхьаболчарна тамашийна хеташ ца хилар, цара иза магош хилар, дуккханна а иза инзаре хеташ хилар а, цара иза магош ца хилар а.
2 – Таханлера Iилмано билггал тIечIагIдина а долуш бакъдерг ду, довхачу мехкашкахь дехаш долчу къаьмнийн божаберийн а, зудаберийн а кхиар а, захалонна кийча хилар а хенаца дуккха а хьалхе хуьлу, шийлачу мехкашкахь дехаш долчу къаьмнел а. Пайхамар а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цуьнан къам а даьхна болу мохк вайна ма-хаъара чIогIа бовха мохк бу, цундела цигахь божабераш а, зудабераш а дахаран хьалххарчу шерашкахь кхиъна бевлла хуьлуш хилла. Цул совнаха, зударшна шайна юкъахь а ю башхаллаш, цхьаберш дегIаца а, кхиарца а гIолий хуьлу кхечарел, вуьйжуш мелла а гIийла а, кхиаза а хуьлу. Кхин а, зуда кхиъна хилар а, ца хилар а хенах доьзна дац, цундела цхьаболу зударий хьалххе кхуьу – масала вай долчахь дейтта шо кхаьчча а маре йоьду – цхьаберш тIаьхьа бен ца кхуьу. Ткъа кхиъна яьлла йолу зуда маре йахар а, иза ялор а дика хIума ду, вон хIума дац.
3 – Таханлера «европера малхбузенан Iилманчашна» сакхт карийна Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iаиша жима а йолуш ялорехь, ткъа иза баккъал а сакхт делхьара, иза цуьнан къоман юкъахь лелаш-мегаш хIума ца хиллехьара, цуьнан уггар хьалхарчу мостагIашна – бусалба динан уггар хьалхарчу мостагIашна – Къурайш-тайпанан мушрикашна и сакхт уггар хьалха карийна хир дара, цара иза Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дукха сиха доьхьал тоьхна а хир дара, цунах бахьана а дина Бусалба дин харц дан гIоьртина а хир бара уьш. Амма цара иза цунна доьхьал ца тоьхна, йа иза цунна доьхьал а ца даьккхина. ХIунда? ХIунда аьлча, вай хьалха ма-аллара, царна юкъахь иза йа сакхт ца хилла, йа галдаьлла хIума а ца хилла.
Iаиша (Дела реза хуьлда цунна) жималлехь Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ялор гIалат хIума доций девзинчул тIаьхьа, иштта хаттар кхолладала тарло коьрта чохь: кхиъна яьлла йоI жималлехь ялор-м вон хIума дацара, ткъа Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхечарна юкъахь къаьсттина и Iаиша ялоран хIун бахьанаш хилла-те? ХIун хьекъале бахьанаш хилла-те и захало дайтинарш? Цо шен кхиболу зударий а цхьана дикчу бахьанашна балош хилла-кх, ханна йоккханиг а, йиссина Iаш хилларг а, шен доттагIучуьнниг а, шен уггар буьрса мостагIчуьнниг а, иштта кхидIа а…
И бахьанаш вайна девзарш а, ца девзарш а хир ду. Ткъа вайна девзарш хIорш хир ду:
1 – Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) гIенах гина хилла, Iаиша шен зуда ю аьлла. Имам Бухарис дийцина, Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шега элира аьлларг: «Суна хьо гIенах гайтира шозза. Суна хьо гира цхьана дарин кIади юкъахь, «хIара хьан зуда ю» олуш хезира суна. ТIаккха ас и кIади хьалаайдича, иза хьо хилира. ТIаккха ас элира: «Нагахь санна иза Делера делахь – Цо чекхдоккхур ду иза».
Ткъа пайхамаршна гуш долу гIенаш - Делера хаамаш бу, Делера "вахьйу" ду.
2 – Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) гина хилла хила тарло, Iаиша жима йоллушехь хьекъале а, кхиаме а, кхетаме а хилар. Цундела, шен хьал а, шен дахар а бусалба нахе ма-дарра, уггар дикчу суьртехь цуьнга дIакхачадайта ялийна хила тарло цо иза.
3 – Iаишатан да Абу-Бакар (Дела реза хуьлда цаьршинна) Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) уггар уллера асхьаб хилла, цаьршинан уьйр чIогIа йоккха хилла, цундела и юкъаметтиг захалонца чIагIйина цо. Ткъа асхьабашна-м йоккха сийлахьалла хилла Пайхамарца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) захало хилар.
Уьш ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Iаиша ялоран цхьадолу бахьанаш.
Iаиша (Дела реза хуьлда цунна) Пайхамарна уггар дукха езаш хилла зуда ю, цуьнан зударшна юкъахь марехь хилаза а йолуш цо ялийнаарг иза бен яц. Цуьнан зударшна юкъахь, Iаишатан чоьна чохь бен Къуръан доьссина дац Пайхамарна тIе (Делера салават а, салам а хуьлда цунна). Цуьнан зударшна юкъахь хилла ца Iаш, хIокху умматан массо зударшна юкъахь а уггар чIогIа, уггар дукха Iилма долуш хилла ю Iаиша, дукха баккхий асхьабаш хеттарш деш хилла ду цуьнга бусалба динах лаьцна. Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), ша лечу хенахь, шен вукху зударша шена пурба деллачул тIахьа, цуьнан чоьна чу а вахана, цуьнан чохь, цуьнан куьйгашна хьалха вала а велла, цуьнан чохь дIавоьллина а ву иза. Iаиша (Дела реза хуьлда цунна) хIокху умматера массо АллахIах тешаш болчу бусалба нехан нана ю, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхиболу зударий санна.
Дика хуург сийлахь АллахI ву!
📚 https://dinulislam.org/xattar/xattar_1aishah_zawaj.htm